"АллахIу Акбар" - Chechen War Song (Allahu Akbar)
Lyrics: Замано гIулч яккхи – тIебеъна тIом, Юха а хIаллакдан вайн Нохчийн къам, Маршо вай ларйийр ю, ГIазоте гIовта, Делан ницкъ вайца бу мостагIий ата! Вайн Махкахь дукха хилла халонаш Iовшар, ГIазот дар сийлахь ду, хIилланаш – сутар, Же, гIовтта, генахь дац толаме хабар, МостагIчун тIелата, АллахIу Акбар! Фирдовсехь Ялсмане яккха дац атта, Делан омра кхочуш деш ГIазотехь латта! Дуьненахь хала некъ вай тахна барна, Дика-вуо къастор ду Эхартахь Дала. Сийлахьчу Исламан байракхаш айба, Асхьабийн гIиллакхаш шайгара гайта. Делера гIо доьхуш латталаш майра, Маршо я Iожалла – кхин некъ бац вайна! ШахIидан лекха дарж Делера деха, Азаллехь сацийна Делан кхиэл леха, Хало ловчу Къонахчо атта сатуха, Вайн дайша аьлла ду: “ТIом тIамо буха туха!” ШарийIат кхайкхор ду, нислеш вайн дахар. Хьарам ду мунепакъ латта тIехь вахар, Бакъоне халкъ кхайкхар – Къонахчун декхар, Далла тIе болх билла, АллахIу Акбар! ДегIастахь сирла малх кхетар бу кеста, Исламан зIаьнарш ю Нохчийчоьхь хьерчаш, Иман а, низам а коьрта ду тахна, Вай цкъа а хьийзар дац дахарех доьхна. ХIинца ахь декийта, илланча, аз, Даккхийта пондаре толаман заза, Хьесапца, хьукумца эккхае вас, ЛадугIуш латташ ю хьоме Кавказ! **Reupload** Anth-Archive is a neutral archive channel dedicated to archiving videos from the Anthemtubing community that were deleted for various reasons, and to restoring them to the community through reuploads. If you have a video that needs to be reuploaded, please don't hesitate to request.
Название:
"АллахIу Акбар" - Chechen War Song (Allahu Akbar)
Категория:
Разное